День чеченской женщины!!
21.09.2025
Лераме белхан накъостий, зударий тоба!
Аса даггара декъал до шу Нохчийн зудчун дезачу денца!
Везачу АллахIa-Дала аьтто бойла шун массо а х1уман т1ехь.
Дала собар, доьналла лойла шуна кхин д1а а вайн кегийрхой
хааршкахь совбахарехь, яхь-бехк, аьхь-йохь, г1иллакх-г1уллакх,
хьекъал долу доьзалш кхиорехь, кхерчашкахь йовхо, аьхналла
латторехь. Цкъа а б1аьрг ца боьлхуш, дегнаш ца 1ийжош, т1еман
къизалла ца гуш, ирс долуш дехийла шу массо а.
Дала декъала хуьлийла шун сатийсаман заза!
Дала шена дуккха а дезначарах дойла шу!